Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Даха а гІой, сан дуьхьа а, берриге а яхІудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, вайн дайша хІокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгІина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхІудан халкъ! Шайн дегнаш тІера пардо дІа а даьккхина, уьш цІан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цІе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш». Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тІом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, чІогІачу моханца а.
Выбор основного перевода