Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Жинашца тайнарг дийна ма йита. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тІаьхье, дІа ма тесна, хІунда аьлча нах малхбалера долчу Іадатех буьзна бу, пІелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тІекаре ю церан. Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?» ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догІа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гІенаш гушболчеран гІенех а ма теша. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода