Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъалдойла шу Везачу Эло, стигал а, латта а кхоьллинчо. Стигал Везачу Элан долахь ю, ткъа латта Цо адамашна дІаделла. Со ву латта кхоьллинарг, цунна тІехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дІасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тІом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, чІогІачу моханца а. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. адамех хьо дІакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тІадор ву хьо. ВорхІ зама дІаер ю, адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале. Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тІехь Іайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Іан меттиг а къастийна,
Выбор основного перевода