Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Іаммин-мехкан а бахархошка; Цора-гІалара а, ЦІадан-гІалара а болчу паччахьашка; хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка; Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гІала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьІаьржачу а хІоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гІап, юьхьІаьржачу а хІоттийна, йохийна хир ю.
Выбор основного перевода