Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Цхьана бІогІаман лакхалла берхІитта дол яра. Цу бІогІам тІехь цІестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Цара иштта дІаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а, сагІанийн боганаш а. Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна лерина бина ши бІогІам а, боккха яй а, шийтта цІастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кІелхІотторгаш а чІогІа еза яра. Оцу хІуманашна дахана долчу цІастанан барам буста а ца лора. ХІора бІогІам берхІитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бІогІамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пІелг шуьйра дара. Хьалхарчу бІогІамна тІехь цІастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта дина цІестан наран стоьмаш. Массо а агІор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тІехь уьш бІе бара.
Выбор основного перевода