Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кІелахь хилийта. Уьш цунна гІуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дІаелла’“». «Адаман кІант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гІелдина, Цора-гІалина дуьхьал цаьрга тІом а бойтуш. Массо а тІемалойн месаш тилла дІаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хІумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал». Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дІалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тІехь талораш а дайтина, церан бахам шен тІемалошна, алапа санна, дІабалийта. Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгІатна дІалуш ду, хІунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло. Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чІагІдийр ду, ткъа пирІунан куьйгаш гІорасиза охьагІур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дІаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тІе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода