Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тІехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтІахь хиллачуьра Аса шу паргІатдехира». КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, шена тІе аьчка маІаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хІаллакбина охьабахккалц хІара маІаш Іуьттур ю ахьа царна“». «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гІуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хІинца дайдехьа. ТІаккха оха хьуна хьалхара гІуллакх дийр дара». ХІара ду Везачу Эло Соьга аьлларг: «ГІой, хьайна дуткъачу кІадих дина доьхка эца, хьайн гІодаюкъах дІа а дехкий, иза хих ларде». ТІаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхІус Ярми-ЯхІун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра. «Ваха а гІой, Хьанан-ЯхІуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’. ХІинца Ас хьуна тІехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».
Выбор основного перевода