Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Делан цІа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегІаш а, Везачу Элан цІийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хІума а Бавел-гІала дІадахьийтира цо. Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу. Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира. Делан цІа чохь гІуллакх дан хьайга дІаелла йолу пхьегІаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дІа а хьой, охьахІиттае. Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хІокху метте схьа а дерзош. ЦІадукъ-ЯхІу цо Бавеле дІавуьгур ву. Иза цигахь Іийр ву, Иза цигахь Іийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тІом бахь, шу царал тоьлур дац“». Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна лерина бина ши бІогІам а, боккха яй а, шийтта цІастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кІелхІотторгаш а чІогІа еза яра. Оцу хІуманашна дахана долчу цІастанан барам буста а ца лора. ХІора бІогІам берхІитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бІогІамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пІелг шуьйра дара.
Выбор основного перевода