Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дІа ма сецна! Іесачу паччахьийн олалла гойту гІаж Везачу Эло кагйина. Оцу олахоша шайн оьгІазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтІахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гІуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггІург дІа а лур ду“». Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраІ-пирІун вен гІерташ болчу цуьнан мостагІийн кара дІалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагІа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІа-ма-валлара’“». Мисар-махкана тІелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре иштта хаам бира: Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тІехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву! Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хІоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагІар мийлира цо. Ткъа хашадхойн паччахь Белшацар цу буссехь вийра.
Выбор основного перевода