Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тІе тІом а, мацалла а, Іожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дІахІиттор бу. Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. ТІаккха Ярми-ЯхІус элира ЦІадукъ-ЯхІуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хІара гІала а цІарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, яхІудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чІагІонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таІзар дийр ду цунна. Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таІзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. Ас хІаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тІемалой Аса массанхьа а дІасакхуьссур бу. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
Выбор основного перевода