Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Церан кхайкхамашка ладоьгІнарш Ярушалайман урамашкахь дІасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хІаллак а бина. Уьш дІабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кІентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догІу таІзар Аса дийр ду царна. Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хІумма а ца дийцира, амма цара Сан цІарах хаамаш бина. Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“.
Выбор основного перевода