Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра. ТІаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чІогІа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю». ТІаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХІара дика инжираш санна, мостагІаша кхузара дІадигна долу а, Айса хашадхойн махка дІадаийтина долу а ЯхІудан халкъ дика хетар ду Суна. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, – боху Везачу Эло, – Со хир ву яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хІокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кІелхьарбаьхначаьрца а. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тІехь уьш хІаллакьхилла дІабовллалц».
Выбор основного перевода