Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доІанна тІехь, тхо пІелаштамхойх кІелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» – аьлла. Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тІера, доьхуш, доІа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тІе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна». Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дІадаха Іамор ду. Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гІо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кІелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гІо дора Цунна. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо.
Выбор основного перевода