Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхера а велла, Эли-ЯхІу цигара дІавахара, шен са кІелхьардаккхархьама. ЯхІуд-махкахь йолчу Беар-ШабаІ-гІала а вахана, Эли-ЯхІус шен ялхо цигахь витира. Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац». Сан кийра садеІалуш доцу керла чагІар санна бу, иза эккха боллуш болу пІаьлдиг санна бу. Соьга алийта, суна атта хилийтархьама. Сан балдаш дІаделлийта, соьга жоп далийтархьама. Сан дог алу хилла дІахІоьттира. Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цІе елира. Со сайн маттаца дийца волавелира: Амма со Везачу Элера йолчу оьгІазлонах вуьзна ву, и оьгІазло соьга сайна чохь ца сецало». ТІаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгІазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тІе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тІе дІаІанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тІе. Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догІуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьІна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш. Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Іалур дац». Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хІунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! Аса, сайн лаам а болуш, и гІуллакх деш делахьара, Делера совгІат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тІаккха сайна тІедиллина долу гІуллакх кхочушдо аса.
Выбор основного перевода