Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Аюб ша винчу денна неІалт кхайкхо волавелира. Цо бохура: «ХІаллакьхилла дІадолийла со вина долу де а, сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а. Іаьржа бода хилла дІахІуттийла и де, стигалахь волчу Далла иза дага а ма догІийла, Цо оцу денна тІе серло а ма лойла! Бодано а, Іожаллин ІиндагІо а юхадохийла иза. Марха со винчу денна тІе хІуттийла. Іаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла. Бодано и буьйса чІогІа схьалоцийла! Шеран деношна юккъе ма йогІийла иза, беттийн деношна юккъе а ма йогІийла! Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла! Ма хезийла цу буса синкъераме аз! Левиятан цІе йолу хІордан саьрмик лело хууш болчу бозбунчаша неІалт кхайкхадойла цу денна! Цуьнан Іуьйренан седарчий Іаржделла хуьлийла! Іуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна, маьлхан зІаьнарш а ма гойла цунна! Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хІара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза! ХІунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бІаьрг кхетале со велла велара! Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву.
Выбор основного перевода