Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду, Цуьнгара долчу кІелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду. Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу, дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду. ХІунда аьлча Иза гІийлачарна аьтту агІор тІехІутту, царна кхел йиначеран карара уьш кІелхьарбахархьама. Аса кІелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргІатвер ву хьо къизачу нехан карара а». ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тІаьхьенна эшарш лекха, мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна. Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе, иштта ала: „КІелхьардаккхахьа, Веза Эла, Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“
Выбор основного перевода