Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Зqac*ама мел йолу а, кура дегнаш дерш суна луьйш бу, амма со Хьан товрат-хьехаман некъа тІера ца волу. «Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дІакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дІахІоттийра». ТІаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хІинца а дукха жима ма ву». Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дІа мел хьажийначу метте гІур ву хьо. Аса хьайна тІедиллинарг дІа а эр ду ахьа. Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тІетаван веза аса, сайга ладогІийта? Наха шайн лергаш дІакъевлина, цундела царна хІумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза. Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». qac Дqac*ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дІахІоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий. Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чІагІонах а вуьззина ву Якъубан тІаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дІадийцархьама.
Выбор основного перевода