Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а агІор цунна тІегІерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш. Мацалло цуьнан ницкъ дІакхоллу. Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта. Цамгаро цуьнан чкъор дІакхоллуш ду, къизачу Іожалло дегІан меженаш юуш ю. Шен хІусаман паргІатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза. Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Іийр ву, цуьнан хІусамна тІе тесна саьмгал хир ду. Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тІера цуьнан гаьннаш а маргІалдулур ду. Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хІума йойур ю, урамашкахь цуьнан цІе кхин яьккхина хир яц. Серлонгара бодане иза дІалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дІавоккхур ву. Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тІаьхье хир яц цуьнан, иза Іийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац. Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу, малхбалера берш цунна хиллачух Іадийна лаьттар бу. Баккъалла а, иштта хир ю вочун хІусам, Дела къобал ца винчун цІа иштта хир ду». Кхаш тІе а ма гІо, некъа тІе а ма довла: мостагІчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах. „Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тІемалой гІалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца а хІинца гІалин пенашна арахула тІом беш бу. Амма Аса и тІемалой гІалин юккъе юхаберзор бу. Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тІом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, чІогІачу моханца а. Аса тухур ю Ярушалаймехь бехаш болчарна – адамашна а, бежанашна а. Іожаллин ун бахьана долуш лийр бу уьш. Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. Цу халкъе кхин а дІаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘ХІинца Аса шуна дахарна тІебоьду некъ а, Іожаллина тІебоьду некъ а дІакховдабо. ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. Аса сацам бина хІокху гІалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, – боху Везачу Эло. – Ярушалайм-гІала бавелхойн паччахьан кара дІалур ю, ткъа цо иза цІергахь ягор ю’“». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цІарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхІун кІантах Ахьабах а, МаІсей-ЯхІун кІантах ЦІадукъ-ЯхІух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дІалур бу, ткъа цо уьш шун бІаьргашна хьалха хІаллакбийр бу. Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махках бехира, йийсаре дІа а бигина.
Выбор основного перевода