Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асас, аьллачунна эргІа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгІаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь. Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа. Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кІелхьар а воккхур ву». ‘Хьо Везачу Эло ЯхІу-ЯдаІана метта динан да вина дІахІоттийра, хьоьга Везачу Элан цІийнан керта тІехь куьйгалла дайта а, иштта хІора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гІомат йолла еза. Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гІаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхІун кІентан Шалам-ЯхІун кІанта Йираъ-ЯхІус Ярми-ЯхІу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла. Ярми-ЯхІуна оьгІазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхІунатин цІа чу воьллира, хІунда аьлча цу цІийнах цара набахти йинера. Паччахьан цІа чохь гІуллакх деш волчу Іабайд-Малик цІе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхІу гІу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Іаш хилла. И омра хезча, гІаролан хьаькамо уьш чуьрчу цІа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь.
Выбор основного перевода