Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагІийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хІокху лаьтта тІехь“». ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Динан да а, Везачу Элан цІийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кІанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхІус Делера болу и хаамаш беш хезча, Ярми-ЯхІу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхІу-пайхамаре: «ЛадогІал соьга, Хьанан-ЯхІу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хІара халкъ харцхаамах тешийтина. Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дІавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхІу. Хьо кху шарахь лийр ву, хІунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“». Цу шеран ворхІалгІачу баттахь Хьанан-ЯхІу-пайхамар велира. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цІарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхІун кІантах Ахьабах а, МаІсей-ЯхІун кІантах ЦІадукъ-ЯхІух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дІалур бу, ткъа цо уьш шун бІаьргашна хьалха хІаллакбийр бу.
Выбор основного перевода