Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву. Ас элира: «Эрна къахьегна ас! Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас. ХІетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду, суна доггІург сан Делера хир ду». Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь. Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тІетаван веза аса, сайга ладогІийта? Наха шайн лергаш дІакъевлина, цундела царна хІумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза.
Выбор основного перевода