Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Аса хир бу аьлла болу а, массо а къаьмнашна дуьхьал Ярми-ЯхІус дІакхайкхийна болу а, оцу тептар тІехь дІаязбина болу а массо а бохамаш бийр бу Аса оцу махкана. Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гІуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггІург дІа а лур ду“». Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаІала дІакхоллура тхан дайша мел гулдинарг – церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кІентий а, зудабераш а. ЯхІудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду. лаьмнаш тІехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду.
Выбор основного перевода