Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хІара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза! ХІунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хІунда ца велла дуьнен чу воллушехь? ХІунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гІайгІанехь волчунна дахар а хІунда ло? Хьан оьгІазалла тІехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош. Іаь санна, довш ду тхан шераш. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». qac Аqac*лссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах. qac Аqac*раваьккхи со Цо Іаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама.
Выбор основного перевода