Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуккханнийн а харцлер хеза суна. Массо а агІор къемат тІегІерта, суна дуьхьал барт а бина, сан са даккха дагахь цара ойланаш йича. Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора. Суна хІума олуш берш цхьаьна ма кхетара. Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора. Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Вовшех а бетталуш, теба а тебаш, со воьду меттиг ларйо цара, сан са эцархьама. «Ларлуш хила шайн доттагІех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хІунда аьлча хІора гергарчо Іехаво, ткъа хІора доттагІчо эладита даржадо. Іийса цигара дІавахча, Іелам нах а, парушхой а, оьгІаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тІаьхьабевлира Цунна, муьлххачу даша тІехь лаьцна а, Иза лаца гІерташ.
Выбор основного перевода