Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кІелхьар а воккхур ву». Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргІатваккха а, кІелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. – ЮьхьІаьржачу хІиттабехьа сан мостагІий, ткъа со юьхькІайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргІат хилийтахьа. Царна тІе бохаман де тІедаийтахьа, уьш кхоччуш хІаллакбехьа. Аса цкъа а йицлур йоцу юьхьІаьржо а, гуттара а хир йолу сийсазалла а тІейоуьйтур ю шуна».
Выбор основного перевода