Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХІинца юха а сох чан ян воллу те Хьо? Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»? Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагІ?“ Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?» Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегІа лараме долчу гІуллакхна, ткъа важа пхьегІа ларамаза долчунна ян?
Выбор основного перевода