Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даха а гІой, Хитаман гІайренаш тІехь а хьовса, иштта Къедар-гІала стаг а вахийтий, цигахь а талла, хІоьттина цигахь шу долчохь долу хьал. Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш, церан метта кхин деланаш а лехна, уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь? Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дІа а къаьстина, хІумма а йоцучу цІушна тІедирзина. Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хІума хилира: ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу».
Выбор основного перевода