Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богІа! Кеч а бе, дІа а нисбе некъ. ДІаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало». Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тІулгаш дІадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна! цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггІуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягайора, гунаш тІехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гІуллакхашна доггІург Ас токхур ду царна“». Везачу Эло иштта боху: «ХІун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хІумма а йоцучу цІушна суждане а оьхуш, шайх а хІумма а йоцург хилла царах. Зудаберана шен жовхІарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дІа а хІоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тІе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гІур дац!» Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу.
Выбор основного перевода