Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна. Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна. Амма хІара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу, къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дІахоьцур ю. Хьоьца тІом беш болчаьрца Со тІом беш хир ву, хьан бераш Ас кІелхьардохур ду. Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гІуллакх аса Хьан кара дІаделла дела.
Выбор основного перевода