Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дІа ма доккхийла. ХІора адамо царна хьалха ша лахдо, хІора стаг царна охьатаьІа. Царна геч ма дехьа! Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло. Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хІиттор ю ЯхІудан халкъана тІе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кІентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагІий а хІаллакьхир бу». Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта».
Выбор основного перевода