Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбалехьарчу мохо иза дІаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тІера оцу мохо дІахьокхур ву иза. доккхачу хІордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна. Цундела со а кхаьрдар ду шуна тІедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Іадийна дІахІиттича – Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ Везачу Эло боху: «Аса дІасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дІасаяржош йолу кегаш санна. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина. Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг. Пийсакаш лелорхоша хьо генна хІорда юккъе дІайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
Выбор основного перевода