Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дІа а хІоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тІе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гІур дац!»
Выбор основного перевода