Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. Аса а дуьйцур дара хІинца аша санна, шу сан метта хилча, соьга а далур дара хаза къамелаш, кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош. Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо: Аса йохийна дІайоккхур ю хІара гІала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол? Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича. qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош,
Выбор основного перевода