Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхІудан халкъе а дІахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тІера юхадовла, Аса шун дайшна тІедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дІабеллачу товрат-хьехамна тІехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. Нагахь, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург аша тІеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гІуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хІорра а дІаверзалаш, тІаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тІехь абаденналц даха таро хир ю шун. Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугІура. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла. Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхІуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тІе берзийтархьама, шайн гІуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.
Выбор основного перевода