Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бераш байлахь дуьсийла, цуьнан зуда а йисина лоьлийла. Цуьнан берех кхерсташ лела сагІадоьхурш хуьлийла, шайн йохийначу хІусамашна арахь а болуш, уьш кхача лоьхуш лоьлийла. Церан Іедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара. „Іожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гІепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хІаллакбан гІерташ ю“». Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таІзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кІентий а, зудабераш а мацалла лийр ду. ХІордан йистерачу гІамарал а дукха хир бу бисина болу зударий. Делкъахенахь хІаллакдийриг вохуьйтур ву Аса церан къонахойн наношна дуьхьал. ЦІеххьана тосур бу Аса царна тІе кхерам а, къемат а. Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гІигІ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хІаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхІарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Іаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу.
Выбор основного перевода