Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш гІалина гена ца бевллера, Юсупа шен цІийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тІаьхьа а гІой, тІекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хІунда дина аш? Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна. Со лаца кечбина гур бара, гІайгІанехь вара со. Суна хьалха ор даьккхира цара, амма шаьш цу чу ийгира. Везачу Эло уьш хІаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дІахІоьттира, Везачу Элан дералла нах хІаллакбечуьра дІа а ерзийра. ТІаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Іийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш.
Выбор основного перевода