Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гІойла», – бохуш. пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хІунда аьлча шун Іеламчу наха товрат-хьехам талхабора. Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта». Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». ТІаккха ХІушаІ-ЯхІун кІанта Іазар-ЯхІус а, Къаьрхьин кІанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кІоршамечу наха а Ярми-ЯхІуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дІа ма гІо“ – ала. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.
Выбор основного перевода