Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. Ла а догІий, тергам бе! Кура ма хила, хІунда аьлча вистхуьлуш верг Веза Эла ву. Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна.
Выбор основного перевода