Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхІу, хІун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агІор таьІна болу». Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна.
Выбор основного перевода