Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш. Эццахь ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе хІара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тІе. Иза ялта цІандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». Малхбалехьарчу мохо санна, дІасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагІашна хьалха. Царна бохам тІекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна».
Выбор основного перевода