Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ас хьан кара дІало Ерихон-гІала шен паччахьца а, тІемалошца а. ХІунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагІашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагІчун туьро хІаллакбийр бу, и хІума хьан бІаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхІудан халкъ Бавелан паччахьан кара дІалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дІабуьгур бу, кхиберш хІаллакбийр бу. Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махках бехира, йийсаре дІа а бигина. ХІоккхул адам шен цІера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхІалгІачу шарахь ЯхІуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо. Набухди-Нецара Бавелехь паччахьалла дечу берхІитталгІачу шарахь Ярушалаймера бархІ бІе ткъе шийтта стаг араваьккхира. Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъе кхозлагІчу шарахь Набузар-Адана ЯхІуд-махкара ворхІ бІе шовзткъе пхиъ стаг араваьккхира. Верриг а йийсаре дІавигнарг виъ эзар ялх бІе стаг вара.
Выбор основного перевода