Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хІуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац. Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хІиттор ю ЯхІудан халкъана тІе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кІентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагІий а хІаллакьхир бу». Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гІолахь, цигахь кадам а ма белахь, хІунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац. МостагІийн ардангаша, нах байа а гІерташ, го бийр бу гІалина. ГІалахь мацалла а хІоьттина, нах чІогІа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кІентий а, йоІарий а буур бу“. Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй, цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна.
Выбор основного перевода