Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЮшаІа элира Іахане: «Сан кІант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гІерта». Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта дуьйлийша! Оцу дийнахь марсбаьллачу хІордо ен гІовгІа санна лаьтта тІехь мостагІа гІергІаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дІакхоллур ю. Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хІинца ша чІагІбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода. Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела. Цара хІунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тІехь гІамарш а, Іаннаш а долчу, ша екъа а, Іаьржачу бодане а долчу, шена тІехула цхьа а некъахо ца вогІучу, шена тІехь цхьа а Іаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хІинца?“ Цундела церан некъ царна хир бу, боданехь нах шоьршуьйтуш болу. ДІа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу. Царна таІзар дечу деношкахь Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, – боху Везачу Эло. – ТІаккха, шозлагІа а и бІаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал». Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хІунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу».
Выбор основного перевода