Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“ – аьлла, шун даг чу дожахь, Хьеран тІулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДІадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла. Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац». Нагахь санна хьайга хІун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дІа а теттина, кхечу деланашна аша гІуллакх даре терра, хІинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гІуллакхаш дийр ду аша“». «Ярми-ЯхІу, ахьа яхІудхошка хІара дІадийцича, цара хьайга: „ХІунда хІоттийна тхоьга Везачу Эло хІара боккха бала, тхоьгара хІун даьлла, Везачу Элана хьалха хІун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь, Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. qac Зqac*ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хІинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хІинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хІинца, шена эхь хетарна, дІа а йоьрзуш. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тІе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дІагойтур ду.
Выбор основного перевода