Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Иштта цуьнан дерзина дегІ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.
Выбор основного перевода