Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. «Ярушалаймхой, шайн даг тІера вониг дІацІанде, Соьга шаьш кІелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш? «Муха вала веза Со хьуна къинтІера, ЯхІуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дІахерделла. Уьш цІушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш. Уьш юстийна йолу говраш санна бу, шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу. Везачу Эло халкъе элира: «Суна дезаш долчу къомо дуккха а къинош летийна, цундела хІун бакъо ю церан, Сан цІенна юххехь хила? Суна сагІина лерина долу жижиг а цара шайна дІадоккху. Делахь а, Аса царна таІзар дечу хенахь, даккхийден бахьана хир ма дац церан! Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цІанбарх а, цІан а ца ло хьо. ХІинца чул тІаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цІанлур бац, Ас хьайна тІехь Сайн дералла Іабаяллалц. Шамранан бахархой, шун эса-цІу витина Аса! Сан оьгІазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цІушна Іамалъярх цІанбелла боцуш?
Выбор основного перевода