Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧІогІа гІайгІане ву со, сан даг чу кхерам боьссина. Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бІаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хІаллакбинчарна. Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тІаьхьа тийжар хІоттадайта, вайн бІаьргийн негІарийн чоьш тІера бІаьрхиш охьаэхийта, юьхь тІера хин тачанаш охьаэхийта». ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. «Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло. Цундела Шен къомана тІехь Іуналла дан дезаш болчу Іуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагІий дІасалаьхкина, аша царна Іуналла а ца дина. Цундела Аса таІзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Рqac*еза йоцуш йоьлху со, бІаьргаш бІаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагІа шайл тоьлла дела». «Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела.
Выбор основного перевода