Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоІан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яІ! Сан са малделла дІадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!». пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь.
Выбор основного перевода