Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. Маннаша динчу доІанах а, Далла иза дІахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагІа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІиттадарх а, цо бинчу цІуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тІехь. пІелгах а, мерах а юхку чІагарш а, «Чу а йоссий, чена тІе охьахаа, йоІстаг санна йолу Бавел-гІала. Олаллин гІантан метта, лаьтта тІе хаа, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а. Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. Тхан кортош тІера таьжнаш а охьаэгна. Оха къинош летадарна, тхо Іазапехь ду! Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа». Шун кортош тІехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’.
Выбор основного перевода