Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» ПаргІат ду талорхойн хІусамашкахь, Дела оьгІазвохуьйтурш а синтеме Іаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна. Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гІуллакх лардан лаьа! Іесанаш дукха хІунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш? Церан бераш царна хьалха дІахІиттина хуьлу, церан тІаьхье церан бІаьргаш хьалха хьалакхуьу. Церан цІенош чохь кхерам ца лаьтта, Делан гІаж а яц царна тІехь тІеайина. Церан бугІанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу, ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до. Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кІентий, церан кегий бераш дІасалелхаш ловзу. ЖиргІанаш а етташ, дечиг-пондарш а лоькхуш, эшарш лоькху цара, зурманан гІовгІанехь са а къоьру. Церан шераш беркатехь дІаоьху, тІаккха паргІатонехь эхарте кхочу. Цара Деле боху: „Дита тхо, Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа! Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Іамал ян? ХІун пайда болу доІанца Цунна тІе верзарх?“ Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Шаьш дІакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догІмаш могуш а хуьлу. Адамийн гІайгІанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гІело а ца хьоьгу. Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дІалаьцна уьш, тІедухучу духаро санна, къизалло дІахьулбина уьш. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гІело яран ойланаш йо цара. Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дІаса а даьржа. Цундела цара дечунна тІедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?» Иштта бу и Іесанаш! Цхьана а хІуманан гІайгІа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу. Іесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дІабаьхна хиларх. Олхазарш чохь долу цІелиг санна, церан хІусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина, церан догІмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гІуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Кху гІалин массо а бахам церан мостагІийн кара дІалур бу Аса. Къахьегарца гІалин халкъо мел гулдинарг а, гІалин массо а еза хІуманаш а, яхІудхойн паччахьийн хазна а мостагІийн кара дІалур ю Аса. Цара и массо а хІума хІонс санна Бавеле дІахьур ю. Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду. Вонашка хьежа тІех цІена бу Хьан бІаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Іалур ма вац! Тешнабехк лелораш хІунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Іесачара дІакхаллар вист ца хуьлуш хІунда лов те Ахь? Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Іаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“».
Выбор основного перевода